|
Концепция национально-государственной политики Чеченской Республики Ичкерия |

Мы не Европейцы, мы не азиаты. Мы - кавказцы. Наша история, язык, культура, духовность и люди уникальны. Мы желаем совместно владеть нашей уникальностью со всем миром, внося в мировую копилку весомый вклад. |
|
|
|
Последние комментарии на сайте |
|
|
|
Анализируйте, сравнивайте, думайте. Если не будем думать МЫ - будут «думать» за нас |
|
|
17 Февраля 2009г. 14:52 — Время публикации по Джохару |
Исполнилось 65 лет со дня выселения и геноцида целого народа, cобытия названногo мной «13-летний плен, нахского народа». Если сравнить её с «Вавилонским пленом», то тот плен, по сравнению с тем, что испытал наш этнос, был цветником с элементами эксплуатации.
Чеченцы и чеченоязычные, которые выехали под меткой «беженец»! Европа, вам дала кров и вкусную демократическую баланду. Взамен, вы должны отдать свою духовность и самобытность. Великим государствам наплевать, на наше духовно-этническое право. Им нужна безликая, послушная масса. И потому, они смотрят сквозь пальцев, на наш сегодняшний геноцид.
Я не призываю вас к непослушанию, а прошу: «оставайтесь нахами, чтобы вернуться на Родину обогатившись, сохранив и передав свой менталитет потомству своему. Как в своё время это сделали евреи, для возврашения из «вавилонского плена». Нахи! Для нас наступила «эпоха дефрагментации». Сожмите кулак, во имя свободы!
КОСТ НИХАЛОЕВ
* * *
«ЦIийн аз, боданехь»
(трилогин шолгIа дакъа)
«ЦIийн тулгIе а, Iаьржа ницкъаш а»
(«Кровяная волна и черные силы»)
(хьалхе ю)
Зуда, бер, воккхастаг, да, нус, йиша, йоIстаг, цунна тIехьийза кIант ца къастош, бежанаш санна вагонаш чулаьхкина сибреха хьажийра, махках доккхуш долу вайнехан адам.
ДегIан хьашташ кхочушдеш йолу меттиг яра, дуьхьало йоцуш, цIаьнкъан сонехь жимачу Iуьргаца билгала яккхина. И меттиг, шаршо уллуш къастийнехь а, цуьнца гIуллакх долуш, баккхийчарех кIезга стаг каравора. Хи ца молуш, хIума ца юуш ларалуш болчу нехан, хIай дайъанера цу хьоло. Масех дийнахь дIасхьахоьхкуш некъ бича, цкъацца цIерпошта сацийначохь, «иттех минотана» олий, неI йостура гIароло. Хи эца а, кхелхиначу нехан декъий охьадаха а, хьайн дегIан хьашташ кхочушдан а луш йолу и хан, дукха хьолахь тоьура, лайлахь дакъа къайла даккхалца.
Вагона уллера, итт метар генавала йиш ца хиларна, кхин долу хьашташ кхочашдар, цу стеган оьздангалле хьаьжжина хуьлура. Цунах тоам боцуш, Iедалехь болучара ца деш а, царна дага ца догIуш дисна а хIума дацара. Оьздангалла йохош, гIиллакхаш эвхьаза дохуш, хьайбанан хьесапе вайнах берзо гIертар, яра церан коьрта Iалашо.
Маьршачу дахарехь нехан бIаьрг бузош хилларг, пайдабоцучу волуш, ткъа сонта воцуш охьатаьIана, миска ваьхначуьнан дукхачу хьолахь сий айъалуш, меттигаш еара и хала некъ беш еъначу цу кIеззигчу хенан юкъахь. ТIебеаначу цу балано, зоьш дара адам. Стеган мах хадош болу, коьртаниг дара: собар, оьздалла, гIиллакх, къинхетам, цхьана дашаца аьлча, адамалла. Дуьненан хьесапе диллича, кIезга йолуш, адамин дахаре диллича тоаме хира боцучу цу хенан юкъахь, пхи-ялх меттиг нисъелира цу шийлачу новкъахь цхьана вагона чохь, вай хIинца йийцича тIаьхьено масала оьцура долуш.
СемаIашкахь, аьчкан некъаца схьатеттина лаьтташ яра, бежанаш а, кхин долу киранаш лелош йолу вагонаш. Цхьацца йолчу вагонаш чохь аннех кечйина, тIекIала йина дIавуьжийла елахь а, дукхаха йолу вагонаш еса яра, чутесина чал, пенел совдаьлла хIума доцуш. Кхуза схьадалош долчу адаман, ши тоба яра: цхьаъ - зударийн, берийн, лазархойн, тIех баккхийчу нехан; шолгIаниг - божарийн. Иза нисделлера, божарий шен доьзалах къасторна. Хьалххе схьаялийна зударин, берин тоба, тIаьхьа тIебалийначу божарин тобанах кхетча, Iаламат йоккха гIовгIа эккхара станцехь. Зударша, бераша доьлхуш шайн дай, вежарий лоьхура, ткъа вуьш, доьзалашка мохь бетташ дIасхьауьдура ше-шениг лоьхуш.
Кест-кеста кхуссуш герзаш а долуш, юьхьлаьцначу жIаьлешка катухийтуш тIегулдина адам, вагонаш чулалла долийра салташа, божарий схьакхаьчина итт минот а ялале. Адамах йоьттина евлачу вагонан неIарх гIуй а буллуш, юьстаха туьттуш яра уьш, царех керла составаш кхуллуш. Цу Делан минутехь, и майда яссаелира. ТIаьхьабисна цхьацца болу нах, туьпан баххаш а бетташ, вагонаш йолчу агIора тIелоьхкура салташа.
Цхьа жима стаг вара, гихь воллуш воккхастаг а волуш, жIаьло настарх еттачу кано схьаван ца вуьтуш, халла вогIуш. Иза гина Мимпин кIант Хьажи, и волчу агIора дIаведира. «Стой! Стрелять буду» бохуш, чапаханаш дIасхьа а тухуш туьпаш юьйлира, го лаьцначарех волу, масех салтийчо. Дехьо лаьттачо урх дIахоьцуш, жIаьла тIехийцира кхунна, «Фас!» олуш. Хьажис дуьхьала ластийна буй, чухьаьдда догIучу жIаьлина нисса бага чукхийтира. Куьг юхадоккхуш вукхо шен иза Iаьвдича, кхеравеллачу Хьажис, жIаьлин лахара моччагIал лецира. Ша деш долчуьнан хьесап дан кхетам боцуш волчу кхо, шен куьйгах тасаделла жIаьла, тIелхаг санна хьовзийра ша а хьевзуш. Корта тIехула айадина хьийзош долу и жIаьла, кхул чIогIа кхераделла, цхьа боьха дарц детта доладелира, гонахьа лаьтта салтий а къахкош.
Доьханчу хьолахь бохкуш болу нах и сурт а гина, цхьабосса аьлча санна белабелира. Хиллачух кхетаза болу зударий а, иштта церан бераш а, боьлхучуьра совцуш, боьлаш болчу дайшка хьаьжжиначохь бисара цхьана юкъана. Хиллачунна шаьш тIаьхьакхиача, церан белхар хIинца, деларца цхьана ийна дара. Цу хьоло бохийна салтий, меттабахкале аьлча санна, Хьажис ша хьийзош долу жIаьла дIахоьцуш, кхоьссина тIехула дIадахийтира. ТIаккха, воккхастаг гихь а волуш, вогIачу жимачу стагана гIодира цо, вагонаш йолчу агIора и чехка дIавадош. Ткъа, тапча яккхина волу эпсар герз туха ца хIоьттира, шечарна кхетарна кхоьруш хиллехь а, я кхин бахьана хIоьттина хиллехь а. Цу суьрто самукъадаьккхина, цхьа болу салтий а бара гIаддаха боьлуш.
- Да-а-дала хьан делаI! Ша чане санна, дарц деттийта-кха ахьа оцу жIаьлига - бохуш, боьлура Хьажи вевзарш а, и ца вевзуш берш а.
- ХIара дегI аса доккхуш, вайн Делора ца гина суна дарц кхетта жIаьла - элира, цхьана агIазах тера волчу стага.
«Сталинна хууш яц, кху лахарчу Iедало лелош йолу хIара харцо», «Вай, юха цIа дуьгурду ма боху», «Вай арадахарна бехке берш, ламарой бу. Гитлерна, кIайн говр кечйина хилла боху цара», «ХIа-хIа, къоманна бале бевлларш, обаргаш бу. Уьш IадIийнехьара, гIазакхий-м вайга хIумма а дуьйцура долуш бацара», «Вайн къомалла сийдоцуш, къам хира дац, кху дуьненахь а» бохуш, шайна ницкъбеш верг бехке ца ван, и бехк шайна тIеэца кийча бара, цхьаболу лайн амал йолу, вайх схьабевлла нах.
Иза дара, тIаьхьарчу ткъа шарахь Советан Iедало «асар» деш, кхиийна долу «чкъор». ТIехьаьжча басна товш, шен ойла йолуш, доьналлийца билгалваьлла, я стаг тIаьхьа хуттара волуш кхетам, Iилма долчу нахах цIандинера и керла чкъор. Ткъа къам бехдеш долу бакъ асар, ша доллучохь дитанера цу Iедало. Делахь а, дикачу нахах къам нилха деш, шайна деза «керла чкъор» кхио гIертачу Iедало хьегна и къа, эрна хуьлура. ХIунда? «Асар» деш бисина, цу къоман орамо тIехь керла зIийдиг хоьцуш, гучадолу керла маргIал бахьана долуш.
Ши де делира мала хи доцуш, еллаза неI йолуш, СемаIашкара новкъаялла цIерпошта дIаоьхуш. НеIарш йоьллуш яцахь а, сецар алсама хуьлара цуьнан. Наггахьа, нехан самукъадоккхуш, юханехьа некъ беш а нислора. Цунах кхаъ хуьлий, нах самукъане хуьлура. «Сталинна дIа а хиана, вай юха цIа дуьгуш ду» боху, хабарш хуьлура массо а вагона чохь дуьйцуш. Дукха хан ялале, и къамелаш эрана дина хилар хоийтуш, сибреха боьду некъ юхабора цIерапоштано.
ЦIаьнкъа юккъехь лаьтта, «буржуйка» олучу пешо луш йолу йовхо, херонаш йолчу цу вагонан оганах чекъбуьйлачу махо, ядайой тIепаза йойъура. Пхийтта шарера, ткъе пхеа шаре бевлла хан йолу кегийрахой ворхI кIантий, исс йоI яра цу вагона чохь. Цара, цхьацца бедарш этIийна яхначу бехчалгах, асанаш йоIуш тIергаш а еш, херонаш йолу и меттигаш дIакъевлира. Мелла а, йовхо хаалуш, малъеллера цу чохь, хьалха санна багара Iа йолуш йоцуш. Шовзткъа шарал тIехваьлла волу вейтта стаг воцург, вуьш дерш кегийра бераш дара.
Вагончохь шийла хиларал совнаха, дегIан хьашташ кхочушдан аьтто боцуш, холчахь бара нах. Кхин тоха са доцуш, хIорш бIарзбелла хьийзачу хенахь, эрна арахь цIерпошта сецира. НеIараш дIайоьллуш болчу салташа схьакхайкхира: «Вагонана итт метар юьстаха ваьллачунна, къастам боцуш цу меттехь тоьпаш тухура ю» аьлла.
Шайгахь пхьегIа йолучара, ло гуладира хин метта. Вагонаш чуьра охьадохуш дара, хьалхара декъий.
И нах дIабохка ойла йолуш болу божарий, салташка белаш, лоьмаш доьхуш бара. Иштта и хьал а долуш, ткъейха минот а ца яллера, шок а тоьхна, меллаша цIерпошта дIайолалуш. Дена нанна а бохуш, гIазакхийн салташа сихдира адам. Цу эрна арахь, дIадохказа декъий дисаро цецбаьхина нах, хIун дан деза ца хууш маьхьарий а детташ, боьхана дIасхьауьдура. Хе лаьттачу салташка дехарш дора цара, церан карахь долуш санна и гIуллакх. Зударий а бара, боьлхуш маьхьарий а хьоькхуш, вагона чуьра аралелха гIерташ. Цхьаъ вогIура ведда, дIайолаеллачу цIерпоштана тIекхиа гIерташ, марахь доллуш ненан дакъа а
долуш.
- Брось, свою вшивую кралю! Кому говорю брось! Ну с-сука, погоди! - олуш, топ туьйхира цу салтийчо, цуьнан хьаж лоцуш хьажийна.
Дакъа марахь а доллуш ведда вогIург, цу хьажюккъе дIаьндарг кхетта охьавуьйжира. Иштта, масех стаг вийра хехоша, цу дийнахь тоьпаш а етташ. Гергарчу нехан декъий дIа ца духкуш буха дисаро, инзардаьккхиначу цу нехан кхетамо тIеоьцуш дацара, шаьш а хилар уьш санна кхерамечу хьолахь. И сурт гиначу зударашка маьхьарий девлира, бераш доьлхура, божарша къурдаш а деш буйнаш къуьйлура. Амма, дан хIума-м дацара, церан цхьаннен а.
Мимпин кIента, шо кхаьчна йолу йоI, пехийн лазар кхеташ цомгуш хилира. Забин ши шо кхаьчна кIант а вара кIелависна дагаро хьийзош. ТIера духар беркъа хиларна шелвелла, йовхарш кхетта Лайсин кIант а, и дагар совдаьлла харцлуьйш вара хIинца.
Кхузткъе итт шо кхаьчана СемаIашкара ГIама, хиллачулла а тIе, гIелвинера цуьнан лазаро.
- Хьажи! - олуш, цкъа кхайкхина кIант шена тIе а валийна, цуьнга вистхилира иза:
- Хьажи! Ахьа, вай цIера дохучу дийнахь дина вошалла дан, йоккха къонахалла оьшу, «ас-со» бохуш волчу стаганна а. Дела реза хуьлда хьуна. Сан дехар ду хьоьга, хьо айхьа ахьа ларавар. Муьлххачу а дас сатосу, шен кIант нах болчу нахаца гергорло лелош хилахьара олий - аьлла, лаг таIош къурд а бина, кхин дош ца алалуш, бIаьргах хи даьлла висира ГIама.
Ваха шена йисна хан, кIезга юйла хууш волу воккхастаг, бухавуьсучу кIентан ойла еш вара даима. И къамел хезаш Iуьлла Муслим хьала а айъалуш, воккхастагана тIехилира.
- ГIама! Ахьа, хьайн са дуучух тера хета суна. Дала мукъалахь, хьуна гIоле хира ю. КIантана а, ма гаттаде са. Тхуна хьо, тхайн да санна хета, я хьан кIант а ца хетта, тхайн вежаралла хийра. Цхьана ораман, гергара нах ма ду вай - олуш, воккхастеган са тедан гIоьртира иза.
- Дела реза хуьлда шуна. Тхайн гергарчу нахах тхо къаьстинехь а, шеко йоцуш царелла гIолехьа шу ца хиллехь, кхин шуьгара кIезигалла гина яц суна. Къоналло а, гIора ца хиларо а, юткъаеш хилла-кха цкъа аьрха хилла и ойла а, болат санна хилла и дог а дашадеш - олуш, дIатийра ГIама.
Цамгаро, сихо еш хьовзийна долу бераш, де-буьйса далале кхелхира. Делкъал тIаьхьа цIерпошта сецича, лайн борзах каш доккхуш дIадоьллира хеназа делла и кхо бер. Суьйренга таьIича, ГIама а чIагIвелира.
Зударшца доьзна дерг экам хиларна, божарий дукха хьолахь дIабуьйшура, я букъ а берзабой Iара, хьаштагIна билгала йиначу меттигана генабовлий. Амма Малх-Аьзний, Асмаъий коьртаха яллера массарна хIума ца яарца а, вуьшта къийлалуш хиларца а. Муслиман йиша Асмаъ, тIех сов къийлаелла ахкаргаш лилхина, жаннаш болхбечуьра севццера. Настараш а, кхин йолу меженаш йистина, тIера босбайна, лоралла лелон аьтто боцуш, гуш лаьтташехь леш яра и йоI. «Дакъаза ма яла хьо», «Хьан метта яла со» бохуш йоьлхуш, гонахьа хьийзара цуьнан нус Заба, иштта кхин болу зударий а.
ЙоI оьздангаллех йоьхча, и ловр доцуш хиллачу Мимпес, Малх-Аьзнега а дира дехар:
- ЙоI! ХIара цхьаъ-ам, хIаллак хиллера вайн. Ахь мукъане а, шад бастахьа тховса, кхоам бу-кха хьан - элира цо, бIаьргах даьлла хи, дIа а доккхуш.
«Я, Везан Дела! Кху цIена жовхIарин, кху оьзда синойн, хIун бехк бу техьа? Кхара хIара бала хьеггалла, хIун къа ду техьа, тхуна ца хууш кхара шайх латийнарг? Хьайн кхел юхуш яцахь, кху Iазапах паргIат бахахьа хIорш, бехьа къинхетам, ва Веза Дела!» бохуш Деле доьхуш, доIанаш деш яра йоккхастаг массо а ханна.
Вагонан, аьчкан чкъургаша «кIонс тIох-тIах» бохуш деш долу тата, чохь Iоьхкучара еш йолчу йовхарашца цхьана ийна, хезаш йолу и гIовгIа ца лерича, кхин долчунна тийна дара, нах дIабийшиначу цу вагона чохь.
Хьасан Iуьллачу соне, бIаьрг а бетташ Iара Малх-Аьзне. Ойлано хьоьстуш, цуьнан йоьлуш йолчу беснеш тIехулла охьаIийдалора, цу Iаьржачохь кхечарна гуш доцу бIаьрган хиш.
«Сан безам. Сан Хьасан. Хьуна ца хаьа, суна хьо везавеллий. Хуар а дац. Сан дог кийрара схьадала гIерта, хьо суна тIех-сов везарна - бохура цо, шен дагахь, - Ма хала бу, дагахь дерг дийца йиш йоцуш болу, и къайлаха болу безам. Марж дуьне яI!» олий, доккха са а доккхий, юха а шен ойлане ладоьгIура цо. «Ма Iаьржа ю кху чохь? Хьасанана наб кхетта. Хала ду цунна. Да цомгуш ву, карахь даа рицкъ ца хиларна ийзалуш, юьхьIаьржа ву иза кхечарна гергахь. Муслиман, Мимпин доьзалаш тхойца бацахьара, хIун дийра дара оха? Къакъин, я Ахьмудан дикане сатийсар долуш хилча, ма хала дара, цара сагIина белла а, даарах цхьа цинц бала. Зараъ? Дийнахь, «яа хIума яц» бохуш, даима йоьлху. Цо а, цуьнан йоIа а, цIезо санна шайн моччагIалашца болх бо, и сирла сахиллалца.
Марха? Хьакха санна яжар долуш ю, оьздангаллех цхьа а, хьаса бисна бац цуьнца. «ДегIан хазалло шен айъана сий, хама боцуш хийцана цо, гайна безначу томах, дегIана езначу паргIатонах» элира цунна, кху деношкахь Забас. И буьрса дешнаш, сайна тIаьхьа тIе ца олийтуш, ялар гIолехьа ду суна.
Ялар? Ялар. Цул тIаьхьа хин дерг, хIу ду техьа? Кхин сатоха ницкъ бац, хетарехь кийра галабаьлла сан. Ялар? Iожалла? Ма хьалхе кхечи-кха иза суна тIе. Ткъа Хьасан? Мама? Сан хьоме нана. Со елча-м, хьайн дахар нисдан йиш йолуш, паргIата хира яра хьо. Сан нана, ткъе берхIитта шо бен ма ца кхаьчна хьан. Дада вийна а даьлла, ялх шо. Ма дуьне ца диа-кха ахьа а. Со йина ши шо далале, итт шо хан тоьхна сибреха вахийтара вайн Дада. И итт шо чекхдолуш, нахчий, гIазакхий набахтехь вовшаха леттачохь вийна иза. ХIу дер ткъа, Дела кхел иштта хилла-кха. Мама! Хьо кхин йоккха а яц, керла доьзал боло. Ткъа аса хIинца, сайн сий а дайъана, хьо юьхьIаьржа муха хIоттора ю?
ХIа-хIа! Малх-Аьзне гур яц шуна, Мархас санна шен сий дайъана. Дицлура дац-кха, цу дийнахь хилларг-ам. Хьажахь, и «хьарса гIазакхий», хIара хьакха а лаьттарица, юххера дIа а ца йолуш. Соьга, и шен хьакхийчух тера болу бIаьрг а теIош, арахь нишка хиъна Iаш йолчу Мархин агIора, корта а лестош къежара иза. Цу дийнахь и вийча, Iебар яцара со. Муьжги!
ХIа-хIа, мостагIа! Гура яц хьуна со, сайн дегIан сийдайъана. Нахчийн йоI гур яц шуна, пайдабоцачу ялла. Тхо шадерш а дац, Мархех тера.
Асмаъ? Асмаъ леш йоллу. ТIаьххьара къахьоьгуш ю иза. Цо а ца дайъара, шен йоьIан сий» бохуш йолчу цу йоIас, и тайпа ойла шен дагахь сецайора, ехачу месех йина шен чIаба, буйнахь а къуьйлуш. ТIаьххьаре а, кIажар дIахийцира Малх-Аьзнес, кIант Iуьллучу соне хьежон шен бIаьргаш сецна а долуш.
«Оьздачу, гIиллакх долчу йоIехь ду, ийманан догIа. Цуьнан сий башламал лекха ду. Дуьненчохь и мел еха а, кхана и Далла дуьхьала яхча а, сийлахьчу тIегIане тIехь хира ю иза» нанас бохуш, кхиийначу цуьнан ойлано, шена тIе куьг кховдор, дика доцийла хууш йолчу Малх-Аьзнега бохура: «Бусалба вежарин бIаьрг бодуш, мостагIашна луарг хьох долуш, хьан дегIан чархано ахьа бохург ца деш, осалалла гойтачулла а, хьо кечло елла дIаяла, хIай яхь йолу нахчийн йоI!».
«Ахьа нигат де иштта: «Дела хьан дуьхьа, цу къизачу керстанан хьалха, хьан лай болчу сан бусалба вежарин сий айъархьама, тIеоьцу-кха аса хIара къа. Хьан Iазапах кхоьру со. Хьоьга доьху аса, гечдехьа суна ва Везан Дела! Хьоьгара сайна къинхетам хиларе, ахьа суна гечдаре сатуьйсу аса. ГIазотан новкъа даккхахьа, ас-сайна ден дерг» олуш хьастало хьо Малх-Аьзне, цу Везачу вайн АллахIана. Дела, къинхетаме ву хьуна» бохура, йоIан сапаргIата даккха гIерташ йолчу ойлано.
Iуйранна, маьлхан серло жимачу корехула чукхеташ, чохь мела а серлаелира.
- Ва-а! Аьзне-е! ХIун ди ахьа!? - олуш, цIеххьана баьллачу махьаро самабохуш хьала лилхиначарна, дог Iовжон сурт гира.
ЧIагIвеллачу дена, гонахьа хьийзаш волу Хьасан, паргIатваьлла хан еъча, Малх-Аьзнега къайлаха бIаьрг тухуш хуьлура даима иза. Дена уллохь дIатаьIана волу Хьасан, и мохь а хезна хьалаиккхича, хиллачух ша кхетча пенехьа вирзира. ЙоI евзиначу кху пхеа дийнахь, цхьана агIора серла даьлла хилла дуьне, макхделара хIинца цу кIантана а. Кийрара узар болуш, оганах буй туьйхира цо, буй биначу цу куьйгах цIий дIа а тосийтуш.
Малх-Аьзне яра пенаца кхозуш, шен хазачу кIажарца логах хорам а бина. Цуьнан когашкахь Iуьллуш яра, дог гIелделла йолу нана Деши. Дашоца варкъ диллича санна хаза, нехан бIаьрг хьоьстуш хилла и еха кIажарш, хIинца дуткъачу логах го боккхуш, муьшан метта хьалайихкина яра, «скобанах» тосуш шад а бина. Оьздангаллах йоьхна, дегIан сий ца дойъуш, хьайбан хьесапе йирзина мостагI ца кхардавеш, гергарчу нахана тIехтохам ца буьтуш, дозала дан бахьана дитира цу йоIас. Шен жимачу дагчохь кхаьбна хилла и мерза безам, байлахь бисира цуьнан. Шена тIе куьг кховдор Iесалла юй хаарна, хаддаза Деле шена гечдар доьхуш дIаяхначу цу Малх-Аьзнес, доккха масала дитара шена тIаьхьа. Цу кепара къахьоьгуш йоллу, яхьйолу и Асмаъ а, делкъа-хан хуьллуш дIаелира. Къоман цIена тIаьхье кхио томехь йолу, нахчийн яхьйолу и ши йоI, цIен-къорза истанга кIелахь Iуьллуш яра, «новкъаяла» кечъелла.
ТIаьххьаре а, цIерпошта сецира. Вагонан неIарш а йоьллуш, маьхьарий детташ лелара хе лаьтта салтий, биснараш составан йохалла ши могIа беш, цуьнан шина агIора дIахIиттина, ха деш лаьттара.
- Есть умершие? Давайте быстро, вынесите труппы. Стоянка сорок минут - бохуш, мохь беттара «хьаьрса салтийчо».
Царна хаьара, кхелхинарш тахана дукха хира буьйла. Ши де хьалха, чоьнан лазар кхетийта шаьш деллачу дааро биначу белхан жамIа дар а, иза зер а, мехалла гIуллакх дара церан.
Тахана, схьагуладан деза декъий дукха дуйла шайна хаарна, тIаьхьара вагонан чуьра нах охьабехира салташа и болх цаьрга байта дагахь.
- Устинов! Отцепляй последний вагон, чтобы потом прицепить к следующему составу. Пусть собирают свои труппы. Я дам соответствующее распоряжение Начальнику станции - олуш, омра дира цIерпоштан коменданто, шен гIоьнча волчу майоре.
Охьадохуш долу декъий, сал беш тIекIелдохкуш, схьа гуладайтира цара чехка. Массанхьара, схьахезаш дара зударин белхарш. Де, дийне мел долу, совдуьйлуш дара лешболчу нехан декъий. Дуьххьарчу дийнахь санна боьхана боцуш, шаьш дан дезарг хууш бара, кху деноша дукхаза кийра мерцина болу вайнах.
Кхаьргахь болу бала кIезга болуш санна, гIазакхийн салтий а гIертара, забарш лелон кху нахаца.
- А ну Ваня, дай-ка! Огня дам, вон тому гусю под ноги. Пусть станцует нам лезгинку - аьлла, салтийчуьнгара схьаэцна, когаш кIела автомат туьйхира кеп хиллачу эпсаро, дегIана лекха волчу цхьана нахчийчунна.
ЦIеххьана, шен когаш кIела цо герз тоьхча, кхералуш кхоссавелира и пекъар, шен коьртара куй а божош. Цунах самукъа даьллачу салташа, маситтазза герз кхоьссара и пекъар хьовзош.
Схьагуладина декъий, сал бина тIекIел дехкича, тIевахана цхьана воккхастага, доIийна куьйгаш хьала айъара. Пекъар хьовзийначарех волу цхьана салтийчо, цу воккхастеган когаш кIела автомат туьйхира, беламе сурт карла даккхархьама. Амма воккхастеган цхьа а меже, меттаха ца хьайра. Шен доIа, паргIата чекх а доккхуш «Ами-и-ин!» элира цо. «Амина» олуш, гонахьа болчу наха шайн куьйгаш юьхьах хьаькхира.
Цу тIехь тоам хилла, Iен дагахь бацара вуьш. ТIевахана шина салтийчо, лахахь юьстаха Iуьллу йоккхастеган гужаме дакъа, нехан декъех биначу холанна боьххье доккхуш, цу тIе хаийра цара. «ГIов!» аьлла, гонахьа лаьтта салтий белабелира. ЧIенги кIела хIоттийна куьг а, букара хьевзина букъ а болуш, хиъна Iачохь са даьлла, меженаш гIорийча санна лацаелла яра цу йоккхастеган.
- Харитон! Объявляю тебе благодарность за рационализаторство. Выдать ему двести грамм спирта, за придуманный надгробный памятник, достойное, этому поганому народу - элира, тIевеанчу эпсаро.
- Служу Сталину и Советскому Союзу - олуш, честь делира салтийчо.
Адам тийна лаьттара, цу йоккхастеган дакъе а хьоьжуш. Дукхаха болучеран бIаьргаш, хих дуьзанера. Царех цхьаберш летта, бала кийча бара цу минутехь. Амма, уьш сецош дерг кхин дара, доладан накъост воцуш, байлахь дуьсура долу шайн бераш а, зударий а. Боьлуш болчу салтийн бен гIовгIа йоцучу цу арахь, тийна лаьттачеран лергашна хезира, девзуш долу халхаран йишца дагIу вотанан аз. Цецбевлла салтий, цхьана юкъна дIатийра. Доккха, йоьза тас шен коьрте хьала а айъана, и вота етташ верг вара Хьасан. Го боккхуш волавелла, шена гонахьа йолу меттиг, паргIата яккхира цо. Юхахиллачу наха го бира, декъий гуладинчу цу майданахь. Тхьамданан меттиг дIалаьцча санна лаьтташ бара, декъех бина и хола а.
Вота етташ, юкъахь лелачу Хьасанана тIе а волалуш, тIараш туьйхира цу меттехь гучуваьллачу Абусалахьас. Абусалахь гина, самукъадаьллачу Хьажис а туьйхира, цунна юххе дIахIуттуш даггара тIараш. Цул тIаьхьа, дукхаха болчу кегийрахоша, цхьатерра тIараш тухуш дакъа лецира, шайн оьгIазе бIаьргаш салтий болчу агIорхьа а къерзадеш. ТIаьххьаре а, шегара тас юьстах а кхоссина, халхаре ког шаршабеш волавелира Хьасан. Кхечу и тас хьалаэцана, юкъахь йисина вота дIайолийра.
ЧIенгий кIела куьг а хIоттийна, Iаш йолчу йоккхастеган юьхь елалуш санна хетаделла, даггара тIараш туьйхира кIенташа. ТIулгаш текхош, дистина догIу Орга санна цкъа болар сиха дой, тIаккха лахене кхаьчначул тIаьхьа, тийна техкаш долчу Теркан хих тарлой, махо ловзош долу дай пиллаг санна, халхаран шовкъо гонна хьийзавора Хьасан. Шен халхарца цо кхайкхам бора: «ОхьатаIа йиш яц вайн, кху балина хьалха! Кху гаурна гойтура вай, вайн деган локхалла!» бохуш йолу ойла, адаман дегнашка кхачаеш.
«Орс-тIох!» бохуш, деш долчу цу халхаро, мостагIин дегнаш шелдинера, кхуллуш церан даге иштта ойла: «ХIу дойъуш хIаллак дар бен, хIара къам къардан, дисина хIума дац кху дуьненахь» аьлла.
И кхерам гаурна дагчу тесинехь а, гонахьа лаьттачарна юкъахь карабора, къарбала кийча берш а. Лай хилла а, хIара дуьне дезаш берш. Цхьаммо элира:
- Вай, халха дуьйлучохь-ам дацара.
- Иштта а, вайца оьгIазе болу кху гIазакхийн, вайца болу цабезам совбаккха гIерта хIорш. Нахана, зулам дан гIерта - элира шолгIачо.
«Кхин хIу совялла, оьгIазло гарна кхоьру шу? Кхин хIу совдала, зулам ду хилаза диснарг?» аьлла диначу хаттарна, церан хира дацара хьуна дуьхьала дала жоп. Цаьрга хеттарш-ам дийра дара ахьа, амма кхин хила пайда-м бацара.
Еха, кIайн маж йолуш волу воккхастагас, массарна а хезаш элира:
- Вита. Халха валийта и кIант. Маржа, сан жималла яI! Тешана ву со тахана, вайн амал йохаян а, вайн турпал къам къардан а, кху дуьненахь кхин ницкъ ца хиларах! - олуш, тIараш туьйхира цо шен ницкъе хьаьжжина, даггара.
(тIаьхье ю)
|
Добавить комментарий
|
Пресса |
 "Не надо пугать какой-то там кровью, казнями египетскими. В России невозможна гражданская война, тут ее не будет. У ... 17 Мая 2012г. 16:58

7 мая в Казани прошел круглый стол на тему "Этнический федерализм и вопрос целостности России: юридическое неравноправие субъектов, ... 15 Мая 2012г. 14:47
 Во Второй мировой войне Германия была агрессором. Однако даже страны-агрессоры заселены преимущественно людьми неагрессивными: женщинами, детьми, стариками, инвалидами,... 10 Мая 2012г. 06:46
 Чеченцев стараются привязать к событиям 41-45 годов. Но чтобы резня русских и немцев была ... 09 Мая 2012г. 15:10

Сражения между бунтовщиками и военными часто ведутся отнюдь не по законам военного искусства. И тот, кто основательно изучил полицию;... 08 Мая 2012г. 17:39
 В России почти не наблюдается наличие среднего класса в силу того, что 96% россиян являются, по сути, бедными и... 08 Мая 2012г. 07:05
 Рады снова вас видеть. Последний президент Советского Союза Михаил Горбачев подготовил почву для демократии и открытости в стране. Вместе... 27 Апреля 2012г. 17:51

Россия умерла как нация. Я бы даже сказал, что она «издохла» или «испустила дух». Столь категоричное заявление будет ... 21 Апреля 2012г. 21:31
 «Воевать мы не планируем, но будем бороться за истину» - так Ярослав Качиньский прокомментировал слова Антония Мачеревича об «объявленной нам... 20 Апреля 2012г. 18:18
 ФОТО: Евангелие от Варнавы.
В Турции был обнаружен манускрипт апокрифического Евангелия от Варнавы, сделанный около 1 500 лет назад,... 19 Апреля 2012г. 23:03
«Его завербовали после женитьбы на Марине Влади», - вспоминает экс-сотрудник органов Михаил Крыжановский. Одна из моих знакомых в Facebook (Наташа) недавно пожаловалась: что-то странное стало твориться с нашим обществом. "Не знаю, кто в этом виноват – НТВ, Путин, перестройка или злобная… Генеральный прокурор Польши направил в Россию письмо, в котором просит объяснить, зачем обломки правительственного Ту-154М были вычищены от грязи и следов, которые могли еще на них оставаться.
”Британская спецслужба MI5 официально объявила, что на жизнь бывшего министра МИД ЧРИ Ахмеда Закаева, получившего политубежище в Британии, готовилось покушение. Об этом сообщает газета The Sunday Telegraph,… Почему интеллект каждого из нас по отдельности не имеет ровным счетом никакого значения.
Умнейшие люди, будь то психологи, антропологи или экономисты, полагают, что в основе достижений человечества лежит интеллект.
Политолог Мартин Димитров в беседе с Die Welt говорит о том, почему протестное движение в России теряет свой размах и почему будущий президент Владимир Путин плакал в день своей… В среду дочь бывшего президента Польши, погибшего в авиакатастрофе в 2010 году, потребовала международного расследования причин катастрофы.
Политическая борьба в России становится день ото дня все более жесткой. Сегодня уже нет проблем — выйти на митинг и получить за это 15 суток тюремного заключения. Тоталитарная… Темы: Терроризм во Франции, смертная казнь в Беларуси, Европарламент о выборах в России, протесты против НТВ, должна ли Германия принять сирийских беженцев и др.
Польский информационный портал Niezależna опубликовал редакционную статью под названием «Что выгадал Кремль от теракта» (Kremlowskie korzyści z zamachu). В статье говорится:
«Как во всех вопросах, где свободный и… На вопросы Dienas bizness о столкновении идеалов и экономических интересов Европейского союза в отношениях с Россией отвечает председатель правления Восточно-европейского центра политических исследований, доктор исторических наук Айнарс…
Причем «добровольцы» за скромную мзду продолжают выявлять все новые «неблагополучные» семьи.
180 тысяч семей в России уже занесены в черный список «неблагополучных». Их дети либо уже насильственно изъяты ювенальными… Хитом Рунета стал «телевизионный сюжет» «Арест Владимира Путина: репортаж из зала суда». Ролик появился на сервере YouTube 13 февраля и за это время набрал более 3 млн просмотров.
Приехавшую в оккупированную ЧР-Ичкерия (в тексте оригинала - в Чечню; прим И-инфо) Матвиенко повели в главную мечеть республики и показали, как правильно, в каком направлении нужно молиться. Реакция женщины оказалась… Письма президенту
Г-н президент (это я вам, Владимир Владимирович), сегодня мы часто слышим, что:
— Дума нелегитимна (по-русски — незаконна), потому что выборы были нечестные!
В условиях сильных морозов в Европе российский газовый монополист резко уменьшил снабжение топливом своих основных потребителей. Но реакция Газпрома на сообщения о сокращении поставок и требования хоть…
Как мы уже говорили, сегодня необходимо срочно найти выход из сирийского кризиса. Однако есть две страны, которые сдерживают усилия международного сообщества. Как объяснить непоколебимую поддержку,…
Поддельные интервью, слабая безопасность в сети – все это говорит о необходимости чистки.
("The Washington Times", США)
Американский сенатор-республиканец Джон Маккейн вновь обратился к председателю российского правительства Владимиру Путину, с которым они уже несколько месяцев ведут заочный диалог. На этот раз американский политик обратил… Я сегодня снова много думал. И пришел к выводу, что буду голосовать за Гитлера. Да, я сам от него не в восторге. Но нельзя отрицать, что за время… Возвращение Путина к президентскому трону не на шутку напугало трусливую, алчную и эгоистичную Европу. Упреждающими темпами в ход пошли непопулярные, но стандартные …
Двое экспертов из команды Мачеревича сегодня заявили, что самолет Ярослава Качиньского не сталкивался с березой в Смоленске, потому что столкновение с той самой березой не могло нанести такие повреждения крылу… Москвичи и петербуржцы любят русских, белорусов и украинцев, но терпеть не могут выходцев из южных республик СНГ. По уровню ненависти лидируют кавказцы и таджики. Таковы результаты опроса Всероссийского…
«Преступник обязательно "обходит" территорию, нередко возвращается на место преступления».
Образцов В. Богомолова С. «Криминалистическая психология».
Специалисты Института судебных экспертиз в Кракове расшифровали переданную им российской стороной копию записи с «черных ящиков» разбившегося под Смоленском самолета польского президента.
|
|
Трибуна |
 Сибирь всегда была загадочным краем. У советского населения Сибирь ассоциировалась с ГУЛАГом, в царской России с каторгой. И сегодня в... 23 Апреля 2012г. 16:35
 Писанная российская «история» была и есть о том, что т. н. «нацмены» плохо поддаются «воспитанию», но их территории называла... 21 Апреля 2012г. 04:52

Мы встретились в студии грузинского телевидения, где она ведет популярную авторскую передачу. В миловидной женщине в аккуратном темном ... 20 Апреля 2012г. 11:29
 На страницах facebook, у меня имеется cтраница, куда, один из моих друзей, Шамиль Баркуев, разместил своё интервью интернет-порталу "Аналитика". Его... 19 Апреля 2012г. 11:03
Ответы на вопросы
Джумада Авваль 1433 года (март 2012 г.) 13 Апреля 2012г. 14:10
 Современное международное право принято после окончание второй мировой войны (1945г.). И оно особенно важно в случае с чеченской... 13 Апреля 2012г. 11:55

Символом России в течении всей её бесславной истории был и остаётся ГУЛАГ, с которым русские знакомятся ещё во младенческом возрасте,... 21 Февраля 2012г. 23:14
 Об этом пишут каждый год, начиная с 60-х годов. Сначала робко, намеками, потом все громче и настойчивее. Имя ЭТОМУ... 21 Февраля 2012г. 01:03

ВИДЕО. Разъяснение от Ахьяда Идигова, по поводу предстоящих 4 марта в России выборов президента и отношение к ним... 20 Февраля 2012г. 01:35

К нам в редакцию пришло письмо нашего читателя Суллумбека, с просьбой разместить у нас статью: "Выходит, что ни русским, ни... 18 Февраля 2012г. 15:26
Сначала текст самого сообщения, опубликованного на страницах издания "газета.ru": Франция при помощи «Группы друзей сирийского народа» усилит давление на Россию и Китай.
Рядом с историей, политика – не более чем анекдот.
Сальвадор Дали
Дорогие эстонские друзья, я был удивлен инициативе некоторых эстонских общественных деятелей и политиков по увековечению Бориса Ельцина памятником…
Чеченцы серьезно отличаются от русских по своей психологии, образу мыслей, по характеру, культуре и традиции. Русские никогда не установят мир в Чечне, пока не научатся понимать чеченцев. Как и все…
На страницах нашего издания, поднималась тема митингов, их разрешенности или запрета в Исламе.
Для обсуждения была приведена статья опубликованная на сайте «Кавказанхаамaш» «Фетва шейха Абдель …
Выступление на конференции по правам человека в Таллинне 10 декабря 2011 г.
В большинстве государств постсоветского пространства к власти пришли или “умеренные” коммунисты, или… Оценка доклада Вашингтонского Центра Стратегических и Международных Исследований (CSIS) в рамках программы по России и Евразии «Призрачные рубежи России»
Части: 1; 2
Уважаемые читатели сайта предлагаем вашему вниманию интервью с главным редактором сайта "Ичкерия - инфо", публицистом Мусой Таиповым.
Некоторые чеченские «политики и правозащитники» вкупе с отдельными западными и российскими «коллегами» часто высказываются о русско – чеченских отношениях прямо или «меж строк», отрицая государственность чеченского народа.
Терминология применяемая в отношении происходящих трагических событий на нашей земле, имеет огромное значение. Довольно часто наши сограждане идут на поводу у политических провокаторов, повторяя вслед за ними термины, которые по…
В комментариях к моей статье были заданы мне вопросы, с которыми обратился ко мне мой знакомый, некто Яхъя Албастов, которого, к сожалению, я вспоминаю с большим трудом. Пусть он простит…
На ВИДЕО, ниже, Джохар Дудаев и российские генералы. Oбсуждается вопрос о разделе вооружений бывшего СССР на межгосударственнoм уровне.
Это именно те события, о которых известный "правозащитник", "бывший министр связи Чечении" сказал,… 26 июня 2011 г. в Страсбурге прошла конференция «Правительственного Совета ЧР–Ичкерия, правозащитных организаций…». Обсуждался вопрос о единстве национально – освободительного движения чеченского народа, которое играло важную роль при воссоздании чеченского… ОБРАЩЕНИЕ (ПРИЗЫВ)
В Российской империи идет масштабная атака на политическую оппозицию, отчетливо показывающая, что нетерпимость к политической конкуренции и стремление к полному устранению со сцены политических оппонентов особенно это заметно в… В зарубежной чеченской прессе муссируются мнения о безысходности русско – чеченских отношений, что не видно конца и края этой войне в обозримом будущем, «переросшей» в русско-кавказскую войну. И некоторые из… Как сообщают оккупационные источники, в г.Джохар побывала "делегация" из Австрии.
В ее состав вошли "представители федерального министерства внутренних дел...".
Президенту СШA
Бараку Обаме
Сенату Конгресса США
Сенаторам: Ричарду Люгару и Джону Керри
На состоявшейся в Страсбурге конференции Совета Правительства ЧР-Ичкерия, правозащитных организаций, общественно–политических деятелей и бывших воинов, ветеранов русско-чеченской войны, Сулейманом Асламбековым был сделан доклад, который он назвал «О расколе чеченского сопротивления… Издание Der Standard (перевод ИноPressa) публикует интервью "политолога" из Венского университета Томаса Шмидингере, в котором предлагаетcя чеченцам провести "волеизъявление". Другими словами - "самоопределение". Примечательно, что статья вышла в предверии 6… Поздравляю граждан Чеченской Республики Ичкерия с Днем Независимости и желаю Свободы, Победы и светлого будущего на благодатной и древней земле предков.
В качестве подарка преподношу документ без даты написания, сохранившийся… Великий актер Аркадий Райкин писал в своих мемуарах: «Я был на гастролях в Одессе. В первый день, после конца выступления, после бурных оваций, я решил сойти со сцены в зал… Пока восьмитысячная армия полицаев из года в год специализировалась и практиковалась на выселении чеченских беженцев из этой страны, прямо под носом проворонили доморощенного террориста. Потому, что другого занятия у норвежских… Доклад о Международном Военном Трибунале по преступлениям России в ЧРИ, зачитанный на Конференции в Страсбурге 26.06.11г.
Как Вы все знаете, началом международных уголовных процессов явился Нюрнбергский процесс, то есть Нюрнбергский Военный… 1.Доклад Асламбекова С.
«О расколе чеченского сопротивления и варианты его объединения»
2.ОБРАЩЕНИЕ КОНФЕРЕНЦИИ
Меня попросили ответить на замечание, которое было изложено на сайте «Чеченьюз» к моей статье «Развал СССР и новые независимые государства». И хотя эти замечания не касаются напрямую содержанию статьи, я… Резолюция
Конференция Совета Правительства ЧР-Ичкерия, правозащитных организаций, общественно–политических деятелей, бывших воинов, ветеранов русско-чеченской войны и чеченских беженцев.
|
|