Анализируйте, сравнивайте, думайте. Если не будем думать МЫ - будут «думать» ЗА НАС

ЛИТЕРАТУРА

РОДИНЕ

РОДИНЕ

____________________________________________________________________________________________________   Я был в тебя влюблен ещё младенцем,Мой дух ...

A+ A A-

Сан Дашуо НАНА!!!

nanaСо вина кхиийна кхиэтийна Нана
Хьо ду и экаман сан деган хьайкал
Хьан когаш к1елахь ду хьомсара Нана
Декъала хилар сан, йа дакъаза валар.

Кху лаьттан  букът1ехь, Дуьненан кийрахь
Йист йоцчу геннарчу, йовзазчу паналлехь
Массанхьа лехча а хьан дагиэ кхочуш
Со кхерста аматаш, карийна доцуш.

Со цхьалха висар ду,хьан йовхуо йоцуш
Со акха валар ду, хьан тергуо йоцуш
Со Махках валар ду, хьан маза боцуш
Синтиэмах хадар ду, хьо юххахь йоцуш.

Довха дош,мерза 1аь, бераллийн хам а
Дагт1ера арс берзош, хьаьстина дош а
Нанас вайн доьзалан буьйцина барт а
Хьоьгарчу марзонан кхачанан чам а.

Бехкечу, сил дукха виэзначу Дега
Доккхачу г1иллакхехь лардинарг ала
Меттиг ца хилла сан, дог достуш вага
Биэзаман, хораман, буьйцуш хьоь бала.

Цхьа сема ладуг1ий, сан хьашташ дерзош
Бераллехь санна со х1инца а хьоьстуш
Сан г1алат 1есалла, хьиэхамца ерзош
Со ирсиэ кхачийначу, хьомсарчу Нанас.

Ховхачу жималлехь ахь елла марзуо
Со хиэдош цоьстуш а хьоьха хер ваьхна
Акхачу рицкъануо, челакхчу амалуо
Хьога сатуьссуьйту хьан к1анте Нана

Нана хьох дерг ала шен хьокъахь дуьзна
Адаманна тахана а каруоза ду дош
Шен сица Ненаца, во1 вацахь воьзна
И къахьо уоза а доцуш ду тиэрза.

Амма вайн синошчу хьаьрсина Дала
Азаллехь Ша кхуллуш, уггариэ ч1ог1а
Вай Нанна дезаран буолатан Г1ала
Доьзалша Наношна деш долу до1а.

Амма сан до1анаш дац хьуна Нана
Хьо йоьхуш доцуш деш, диэха йа кхала
Хьо йоцуш де ца ган, хьоьл хьалха вала
Хьан б1аьрг ца белхийта, ла муьлхха бала.

Нана хьо къинт1ера ялахьа суна
Аьрхачу къоналлуо дог дуоходарна
Махьшаран Майданахь к1елхьара вала
Т1аккха Шен къинхиэтам бийр бац-тиэ Дала.

Аьрсбин Абу-Бакр   
(73 шо долучу сай хьомсарчу Нанна, Дешина лерина)
08-02-14 шо.


Лента новостей

External links are provided for reference purposes. The World News II is not responsible for the content of external Internet sites.
Template Design © Joomla Templates | GavickPro. All rights reserved.

Войти или Регистрация

ВХОД

Регистрация

Регистрация пользователя
или Отмена