Анализируйте, сравнивайте, думайте. Если не будем думать МЫ - будут «думать» ЗА НАС

ЛИТЕРАТУРА

РОДИНЕ

РОДИНЕ

____________________________________________________________________________________________________   Я был в тебя влюблен ещё младенцем,Мой дух ...

A+ A A-

РОДИНЕ

ichkeria

____________________________________________________________________________________________________

 

Я был в тебя влюблен ещё младенцем,
Мой дух тобою бредил среди скал.
Быть может, кто-то стал бы отщепенцем,
Но я твое чеченство воспевал.

Война-палачка с ненавистью чёрной
Твое пространство превращала в тир.
Но ты своей отвагой непокорной
Вошла иглою в равнодушный мир.

Стреляло небо, и крошились камни,
Несчастья ветер веял с ледников.
Бинтами туч тропинками-руками
Ты пеленала раны родников…

В своих мечтах я строю зияраты
Над каплями твоих безвинных слёз,
Где смерть вершила жуткие обряды,
И горе кровь лакало, словно пёс…

Но ты сильна и будущим, и былью,
Живя сейчас беде наперекор.
Быть может, кто-то стал бы вровень с пылью,
Но я с тобою сердцем выше гор.

Слепого рабства затхлое болото
С тобою рядом щерит свой оскал...
В твоих глазах подонком стал бы кто-то,
Но я тебя, клянусь, не предавал…

И в памяти твоей какой-то вехой
Хотел бы стать я - небольшою пусть:
Ведь я твоих вершин живое эхо
Учил, как клич свободы, наизусть…

Летят года по времени аллее,
Как листопад, встревоженный судьбой.
И грусть моя становится сильнее,
И тяжелеет долг перед тобой.

Твоя стезя начертана Аллахом,
И ты по ней ступаешь без нытья.
Не покорить тебя ни злом, ни страхом,
Ни тяжестью лихого бытия…

Твой образ, как реликвия святая,
Наводит страх на тягот вороньё…
Но, прошлое мое благословляя,
Прости же настоящее моё...

Ильман Юсупов
(Перевел с чеченского автор)

Из книги "Песня и скитанья", Торонто, 2015.

* * *

ДАЙМАХКЕ

Жимчохь дуьйна муьтIахь ву со хьо хесточу дашна,
Сан са даим деха хьоьца лулахь бIаьвнийн дайн.
Кхечо хьо дIабухкуш боррах къоман мостагIашна,
Ас нохчолла Iалашдина сица, цIийца сайн.

Хьайн цIеналлин хьоста бех ца дайта тIеман уьне,
Хьан кадели карлабаккха турпалаллин некъ.
Доьналлица цецдаьккхи ахь бендацаре дуьне,
КIохцал санна, болуш цуьнан деган пхенах чекх.

Стигал цоьстуш кеманашца, тIулгаш отуш шира,
МостагIчо хьайн кийра юьллуш дIаьвшан боьха къахь,
Тийжаш йолчу мархийн хинкисеш а хьерчош сира,
Хьайн маьршачу лаьмнийн чевнаш хийла йихки ахь.

Цхьа а бехк а боцуш эгна долчу бIаьрхийн сийнна
Зераташ до сайн ойланийн майданашкахь ас,
ЖIаьло санна, бохамо шен мотт тIе Iуьттуш цIийнна,
Лерса Iадош, Iожаллино мел декорах аз.

Дика дерг бен дац хьоьх ала дIаяьллачу хенан,
Хьан хиндерг а суна хIинццехь дуьйна сийлахь го.
Хьо ца безарг хир ву лоха буьртигал а ченан,
Ткъа, сан дог - хьоьх тешна долу - Iаршахь деттало.

Хьуна уллехь стешха уьшал Iазапечу лоллин
Ачо дебош, бахкабелла кийра сийсош го.
Хьан бIаьргашна хийла гина хир ю цIуьхIарш воллин,
Амма хьуна цкъа а ямарт хилла вац-кха со.

Лаам бу сан виса, хьуна нагахь санна лаахь,
Вуно жима хьаьрк хилла а, хьан кхетамна чохь.
Ас маршонан кхайкхам санна, Iамийна-кха дагахь
Ахь лаьмнашна юккъехь тоьхча, йилбазбаьлла мохь.

Хенан некъаш хедош, доьдуш ду сан дахар дедда,
Вуьтуш со сайн сатийсамийн орчу воьжнначохь.
Дебаш ду сан хьуна такха деза декхарш тIеттIа,
Базбеш хьуна хьалха долчу сан жоьпаллин мохь.

Дала хьайна билгалйинчу кхиэлан новкъа баьлла,
Беса леткъамаш а ца беш, ахь хьайн болар до.
Зуламна а, баланна а ахьа-м къурд ца аьлла,
Бохаме а, къизалле а къар ца белла хьо.

Ас хьан амат сайн кхетамехь леккха хьала ийдеш
Таро ю хьан лаьмнийн хIора синхаамна ган.
Сан дIадаьллачуьнан айхьа хилча кхоччуш сийдеш,
Хьо къинтера бала хIинцца долчунна а сан...

Меня попросили предыдущее стихотворение выставить в оригинале, что с удовольствием делаю.
Iилман Юсупов

Лента новостей

External links are provided for reference purposes. The World News II is not responsible for the content of external Internet sites.
Template Design © Joomla Templates | GavickPro. All rights reserved.

Войти или Регистрация

ВХОД

Регистрация

Регистрация пользователя
или Отмена